Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Везачу Эло ЯхІудан а, Исраилан а халкъашка боху: «Шайн латта аха, коканаш юккъехь хІу а ма де. Веза Эла волчу Сан дуьхьа сунтде, ЯхІудан халкъ! Шайн дегнаш тІера пардо дІа а даьккхина, уьш цІан а дина, сунтбина хила, Ярушалайман бахархой! Шу иштта ца лелахь, Сан дералла, цхьаьнгге а сацалур йоцу сийна цІе санна, летар ю, аша мел лелийнарг бахьана долуш». Шайн дегнаш чу нийсонан хІу таса, тІаккха безаман ялта кхуьур ду шуна. Керла латтанаш а дІааха, хІунда аьлча Веза Эла лаха веза хан тІееана. Ша веанчу дийнахь шуна тІе нийсо, догІа санна, Цо тІеІанор ю. Кхин а цхьа бахьана ду, оха гуттара а Далла хастамаш баран. Аша тхоьгара Делан дош тІеийцира, адамийн дош санна а доцуш, амма Делан дош санна (иза иштта дан а ма ду). Делах тешначу шуна чохь хІара дош болх беш а ду.
Выбор основного перевода