Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цундела царах ма кхера, хІунда аьлча мел къайлаха дерг а гучудер ду, мел хьулдинарг а хоуьйтуш хир ду. Аса шайга боданашкахь аьлларг а къеггинчу серлонгахь юхадийца. Лерга юххехь лохха Аса шайга аьлларг, цІийнан тхов тІе а довлий, мохь туххуш дийца. ХІунда аьлча мел йоккха къайле а цхьанна ца хууш юьсур яц, мел чІогІа лечкъийнарг а гІара ца долуш а, гучу ца долуш а дуьсур дац. Мел къайлаха дерг а гучудер ду, мел хьулдинарг а хоуьйтуш хир ду. ТІаккха суна гира лараме боцу а, цІеяхана хилла болу а белларш. Уьш Іаршана хьалха лаьтташ бара. Масех тептар схьадиллира. ТІаккха кхин а цхьа тептар схьадиллира – иза дахаран тептар дара. Цу тептаршна тІе дІаяздина долчу адамийн гІуллакхашка хьаьжжина, кхел йора оцу беллачарна.
Выбор основного перевода