Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
хІунда аьлча хьалха баьпкаца хиллачу тамашийна хІуманах а ца кхийтира уьш, дІакъовладелла дара церан дегнаш. Ткъа Іийсас жоп делира: «Шу а ду те иштта ца кхеташ? Шуна ца го, адамо дууш долчу цхьанна а хІумано, Далла гергахь бехван йиш йоцийла? Цара стенах лаьцна дуьйцу хууш волчу Іийсас элира цаьрга: «Стенна дуьйцу аша, шайгахь бепиг дац бохуш? ХІинца а ца го те шуна, кхета а ца кхета те шу? Дегнаш оццул шагделла те шун? БІаьргаш боллушехь, ца го те шуна? Ткъа лергаш доллушехь, ца хеза те шуна? Дага ца догІу те шуна, ТІаккха Цо хаьттира цаьрга: «ХІинца а ца кхета те шу?» – аьлла. Амма Іийсас, юха а вирзина, Шен мурдашка а хьаьжна, буьрса жоп делира Кипе: «ДІадала Суна уллора, иблис! Хьан даг чохь Делан ойланаш яц, адамийн ойланаш ю». Мурдаша хилларг къайладаьккхира, амма вовшашлахь цара хоьттура: «Веллачуьра денвалар хІун ду те?» Амма мурдаш ца кхийтира оцу дешнех, ткъа хатта уьш кхоьрура. Амма Іийсас элира цаьрга: «Шаьш хІун доьху а ца хаьа шуна. Ас молу къаьхьа кад малалур буй те шуьга? Со чекхволучу баланийн хІордах довлалур дуй те шу?»
Выбор основного перевода