Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Декъала ву Везачу Эле ларамах вуьзна верг, амма вухахьаволучо шена тІе бала бахьар бу. ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Тховса аша массара а Со дІатосур ву, яздина ма-хиллара: „Іуьнна чов йийр ю Аса, тІаккха жа юкъара уьстагІий шаьш дІасадовдур ду“. Шен мурдашка Іийсас элира: «Аша массара а Со дІатосур ву, хІунда аьлча яздина ду: „Іуьнна чов йийр ю Аса, ткъа уьстагІий дІасадовдур ду“, – аьлла». Иза иштта хир а ду, нагахь санна шайн тешар тІехь шеконаш а йоцуш, чІагІ а делла, шу латтахь а, шайна хезначу хазачу кхоо луш болчу сатийсамах аша шаьш дІа ца хадийтахь а. Стигал кІел болчу массаьрга а дІахазийтинчу оцу хазачу кхоан ялхо хилира сох, ПахІалах. Шайн тешаран орамаш Цунах дІа а тасий, Цуьнца цхьаьна хьалакхиалаш. Шайна хьехначу тешарехь чІагІлолаш. Баркаллех дуьззина хилалаш.
Выбор основного перевода