Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
ТІедерзаде маьрсаш, ялта кхиъна дела. Схьадуьйла, охьадисса, кемсаш Іовда, муттдоккхург юьзна дела. Муттанан пхьегІаш чуьра мутт тІехъоьхуш ду, цара дина зулам доккха долу дела». Со дІахьаьжча, суна кІайн марха гира. Цу мархина тІехь «адамийн кІантах тера волу цхьаъ» вара охьахиъна. Цуьнан коьрта тІехь деших дина таж дара. Ткъа карахь ира марс бара. Делан цІа чуьра кхин а цхьа малик араделира. Цо мархина тІе охьахиъна волчуьнга айдинчу озаца, мохь туххуш, элира: «Хьайн марс схьа а эций, ялта хьакха! ХІунда аьлча лаьттахь ялта кхиъна а даьлла, марс хьокху хан тІе а кхаьчна». ТІаккха стигаларчу мархина тІехиъна волчо, лаьттана тІехула шен марс хьала а айина, лаьттара ялта хьаькхира.
Выбор основного перевода