Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Кхин а цхьа хьекъале дустар далийра Іийсас ладугІуш болчарна: «Стигалийн Олалла иштта ду. Цхьана стага шен кха тІехь дика хІу дІадийнера. Ткъа иза шен ялхошца вижина Іуьллучу хенахь кхуьнан мостагІа веана. Иза, кІена юккъе асаран буц а йийна, дІавахана. КІа, тІе а даьлла, кан баккха доладелча, асар а гучудаьлла. Ялхоша, шайн хьолада волчу а баьхкина, элира: „Тхан хьолада, ахьа дика хІу дІа ма дейтинера, ткъа асар стенгара даьлла кІена юккъе?“ Хьоладас цаьрга элира: „Сан мостагІчо дина-кх иза“. Ялхоша хаьттира цуьнга: „Оха, даха а гІой, схьаяккхий и буц?“ „ХІан-хІа, – элира хьоладас. – Суна луур дацара аша асарца цхьаьна кІен кенаш схьадохийла. Уьш а, вуьш а цхьабосса хьаладовлийта. Ялта чудерзон хан тІекхаьчначу хенахь маьрсхошна аса тІедуьллур ду, цкъа хьалха буц схьа а яккхий, цІевнаш а дай, и буц ягае, ткъа кІа дІадуьллу цІа чохь схьагулде аьлла“». Нах а битина, Иза цІа чу вахара. Іийсан мурдаша, Цунна тІе а бахана, элира: «Аренгахь тІеяьллачу асаран бецах лаьцна Айхьа дийцинчух тхо кхетадехьа». Іийсас цаьрга элира: «Дика хІу дІадийнарг – Иза Адамийн КІант ву. Ткъа аре – иза дуьне ду. Дика хІу – Делан Олаллин бахархой бу. Ткъа асаран буц иблисан агІонгара нах бу. И асаран буц дІайийна волу мостагІа иблис санна ву. Ткъа ялта хьокху хан – иза дуьненан тІаьхьара зама ю. Маьрсахой маликаш санна бу. Асаран буц схьа а гулъеш, литтанаш а деш, ягош долу сурт хир ду дуьненан тІаьхьарчу заманчохь. Адамийн КІанта Шен маликаш дохуьйтур ду, къинош летош, зулам лелош берш Шен Олаллера, схьа а къастийна, уьш алуца йогуш йолчу пеша чу кхисса. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду. Делан лаамехь берш шайн Ден Олаллехь, малх санна, къегаш хир бу. Лергаш долчарна хІара дІахезийла».
Выбор основного перевода