Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цундела стаг, шен дай-наний а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТІаккха цу шиннах цхьа дегІ хир ду. Аша-м хаттар до: «ХІун бахьанина?», – бохуш. И дера ду, къона волуш хьайна ялийначу зудчуьнца ахьа барт беш Веза Эла теш хилла дела. Ахь цу зудчунна ямартло йина, иза хьайн накъост а, бакъйолу зуда а йоллушехь. Шегахь оьздангалла йолчу цхьаммо а и саннарг ца лелийна, хІунда аьлча Делан халкъана юкъахь хиндолу бераш хІоранна а хила ма лаьа. Цундела лар а лолаш, цхьаммо а ямартлонаш а ма лелаелаш шен къоналлехь хиллачу зудчунна дуьхьал. Я шуна ца хаьа те, шаьш нахаца леллачу зудчух дІакхетча, шайн цуьнца цхьа дегІ хуьлийла. ХІунда аьлча аьлла ма ду: «ТІаккха цу шиннах цхьа дегІ хир ду». «Цундела стаг, шен дай-наний а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТІаккха цу шиннах цхьа дегІ хир ду», – Делан Йозанаша ма-бохху. Цхьа доккха бакъдерг хьулдина ду цу дешнаш чохь. Аса боху, уьш Дала леррина Къобалвинчуьнца а, динан ерриге а тобанца а доьзна ду.
Выбор основного перевода