Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
«Дуьненан хьал ма гулде. Иза, нецано а талхош, мекхано хІаллак а деш, лаьттар ду, я къуша, чу а бевлла, лачкъийна дІахьур ду. Стигалахь гулде шайна хьал. Цигахь иза нецано талхор а дац, мекхано хІаллак а дийр дац, я къуша, чу а бевлла, дІа а хьур дац. Шен баланийн мохь схьа а эцна, Суна тІаьхьа ца хІоьттинарг Суна уллохь хила хьакъ долуш вац. ТІаккха, нах а, Шен мурдаш а тІе а кхайкхина, Цо элира цаьрга: «Соьца ван луург, шен „со“ бохург дІа а теттина, шен баланийн мохь тІе а лаьцна, Суна тІаьхьахІотта веза. Шайн бахамаш дІа а бухкуш, мискачарна сагІа ло. Лелийча тишлур доцу бохчанаш кечде шайна, лахлур йоцу хазна гулъе стигалахь: цигахь цунна тІе къу а кхочур вац, нецано иза юур а яц. Аса Хьан мостагІий Хьан когашка охьабахккалц’, – аьлла“. Латта а, цІенош а долчу наха, уьш дІа а духкий, схьадеана ахча векалийн когашка охьадилларна, цхьа а къен стаг вацара царна юкъахь. И ахча цунна оьшучуьнга хьаьжжина лора. Латта а, цІенош а долчу наха, уьш дІа а духкий, схьадеана ахча векалийн когашка охьадилларна, цхьа а къен стаг вацара царна юкъахь. И ахча цунна оьшучуьнга хьаьжжина лора.
Выбор основного перевода