Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цул тІаьхьа царна хьехамаш бан волавелира Іийса. Цо дийцира Адамийн КІентан дукха баланаш лан дезарх лаьцна а, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха а тІе ца лаьцна хила дезарх а, Иза вен везарх а, амма кхозлагІчу дийнахь денвала везарх а. Шен мурдашца цхьаьна а висина, царна хьехамаш бархьама. Іийсас олура цаьрга: «Адамийн КІант, нехан кара а велла, вуьйр ву, ткъа кхозлагІчу дийнахь Иза денлур ву». Цо элира: «Адамийн КІантах иштта хила дезар ду: Цуьнан дукха баланаш лан дезар, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха Иза тІе ца лаьцна хила а дезар ду, Иза вийна хила а везар ву, амма кхозлагІчу дийнахь Дала Иза веллачуьра денван а везар ву». ТІаккха ТІамас, шех Шалавинарг олуш волчо, элира вукху мурдашка: «Вай а доьлху цига, Цуьнца цхьаьна далархьама». Ткъа тІедан герга дара жуьгтийн Пасахь олу деза де. И деза де тІекхачале, оцу махкара дукха адам деара Ярушалайме, дино ма-бохху цІандалархьама.
Выбор основного перевода