Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Іийсас элира цаьрга: «Кхечу къаьмнийн паччахьаша шайн адамаш тІехь олалла до, Іедал карахь долу нах кхечарна комаьрша хета, амма шу иштта хир дац. Мелхо а, шуна юкъахь лакхара верг жиманиг санна хила, ткъа хьаькам верг – ялхо санна хила. Коьртаниг мила ву: стоьла улло хиина юуш верг я цунна оьшург тІеяхьаш, гІуллакх деш верг? Юуш верг вац? Ткъа Со шуна юкъахь ялхо санна ву. Омра а дина, Яхьъян ваша Якъуб тур тоьхна вейтира цо. Шу а, шун ваша Яхьъя волу со а цхьатерра Іийсах тешарна, шуьца цхьаьна Цуьнан олаллехь болчара хьоьгучу баланашкахь дакъа лаца доьналла долуш ву со. Иштта, Делан дош дІасадаржорна а, Іийсах тоьшалла дарна а, таІзар а деш, Патмас цІе йолчу гІайренна тІе вахийтинера со.
Выбор основного перевода