Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ткъа Аса боху шуьга: зуда тешаме ца хиларца доьзна доцучу дІасакъастаро, зуда нийса боцучу некъа тІе тоьтту. И санна йолу зуда ялочо ямартло йо». ХІора, шен зуда а йитина, кхин ялош верг ямарта волуш ву, и санна ямарта йитина зуда ялош верг а ву». Цундела, майра дийна а волуш, иза кхечуьнга яхча, иза нахаца леларг лору. Амма майра велла йолу зуда маре яхча, иза нахаца леларг ца лору. Зударий балийначарна а, маре баханчарна а аса тІедуьллу (ткъа иза соьгара сайгара дац, амма Везачу Элера ду), зуда шен майрачух дІа ма къаста аьлла. Ша дІакъастахь, я кхин маре ма де, я шен майрачуьнца барт а бина, цуьнга юхагІо. Ткъа майрачо а шен зуда ма йита.
Выбор основного перевода