Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цигахь парушхой, тІе а баьхкина, Іийсаца къийса буьйлабелира. Стигалара тамашийна билгало гайта аьлла дехар дира цара Іийсага, Иза зерхьама. И элира цара Іийса зерхьама а, Цуьнгара даьлла гІалат тІехтохархьама а. Ткъа Іийса, лохха охьа а таьІна, лаьттахь пІелгаца яздан волавелира. Ткъа кхидолчу адамашка аса боху (иза Везачу Элера а доцуш, сайгара ду), нагахь динан вешин Іийсах тешар доцу зуда елахь, иза цуьнца яха реза а елахь, цу зудчух дІакъаста ца веза и стаг. Иштта, Іийсах тешаш йолчу зудчун тешар доцу майра велахь, амма иза цуьнца ваха реза велахь, шен майрачух дІакъаста ца еза и зуда. ХІунда аьлча тешар доцу майра тешар долчу зудчуьнгахула вазво. Ткъа тешар доцу зуда а язйо тешар долчу цуьнан майрачуьнгахула. Иза иштта ца хилча, церан бераш Далла хьалха цІена хир дацара, ткъа хІинца уьш Дала даздина ду. Нагахь Іийсах тешар доцург шен зудчух дІакъаста лууш велахь, я иштта тешар доцу зуда майрачух дІакъаста лууш елахь, уьш дІакъастийта. ХІунда аьлча я динан ваша а, я динан йиша а оцу гІуллакхна дихкина дац. Везачу Эло вай вовшашца бертахь дахаре ма кхайкхина. Хьанна хаьа, зудчо шен майра кІелхьарваккха а ма тарло. Я стага а шен зуда кІелхьаръяккха мега.
Выбор основного перевода