Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Уьш дІабоьлхуш, Зевадин ши кІант – Якъуб а, цуьнан ваша Яхьъя а гира Іийсана. Ший а ваша шайн деца Зевадица хинкеман чохь вара, чІерий лоцу бойнаш тоеш. Іийсас уьш а кхайкхина тІебалийра. Цу шийтта мурдан цІераш яра: дуьххьарлераниг – ШамІа, Кипа аьлла цІе тиллина волу. Цуьнан ваша Іандар, Зевадин кІант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя, Ялх де даьлча, Іийса, Шеца Кипий, Якъуббий, цуьнан ваша Яхьъяй схьа а эцна, цаьрца лекхачу лам тІе хьала а ваьлла, адам доццучу метте юьстахвелира. Дехьо ваьлча, Цунна Зевадин кІант Якъуб а, цуьнан ваша Яхьъя а гира. Уьш хинкеман чохь чІерий лоцу бойнаш тоеш бара. Іийса Яхьъяца а, Якъубца а гуламан цІа чуьра ара ма велли, ШамІа а, Іандар а волчу цІа вахара. Зевадин кІант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя, (шайна Іийсас, Баней-Раговш аьлла, цІе тиллинарш, иза «ткъесан кІентий» бохург ду), Кипа а, Якъуб а, Якъубан ваша Яхьъя а бен, кхин цхьа а ца ваийтира Іийсас Шеца. Ялх де даьлча, Шеца Кипа, Якъуб, Яхьъя бен кхин цхьа а ца вуьгуш, Іийса лекхачу лам тІе велира. Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира. Иза шайна хезча, висина итт мурд оьгІазвахара Якъубана а, Яхьъяна а. Іийса Зайт-диттийн лам тІехь Делан цІийнан кертана дуьххьал хиъна Іаш волуш, Кипас а, Якъуба а, Яхьъяс а, Іандара а хаьттира Цуьнга, уьш шаьш бисча: ТІаккха Шеца Кипа а, Якъуб а, Яхьъя а вигира Цо. Кхузахь Іийса синтем байна а, чІогІа сингаттаме а хилира. Иштта цецваьлла вара Зевадин ши кІант, Якъуб а, Яхьъя а – ШамІин накъостий. Іийсас элира ШамІе: «Кхера ца оьшу! ХІинца дуьйна адамийн синош лецархо хир ву хьо». ШамІа, шех тІаьхьа Іийсас Кипа аьлла цІе тиллинарг, цуьнан ваша Іандар, Якъуб, Яхьъя, Пилап, Барталамай, Яиран керта а веана, Цо цхьанна а чу ван пурба ца делира, Кипиний, Яхьъяний, Якъубаний, йоІан дений-нанний бен. Цул тІаьхьа, ворхІ-бархІ де даьлча, Шеца Кипа а, Яхьъя а, Якъуб а эцна, Іийса доІа дан лам тІе хьалавелира. И болх а гина, Цуьнан мурдаша Якъуба а, Яхьъяс а элира: «Эла! Хьуна лаахь, оха стигалара стелахаьштиг а тохийтина, хІаллакбойтур бу и нах». ГІала а баьхкина, уьш лакхарчу цІа чохь гулбелира. Векалийн цІераш яра: Кипа, Яхьъя, Якъуб, Іандар, Пилап, ТІама, Барталамай, Маттай, ХІалпайн кІант Якъуб, Якъубан кІант ЯхІуд, ШамІа, ша тІелаьцнарг тІевирззина кхочуш дан гІертарг.
Выбор основного перевода