Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
«Делах шен чІагІо а ца еш, шен доккхачу хьолах а тешна, зуламаш тІехь чІагІвелла вара и стаг». ГІело еш даьккхинчух тешна а ма Іе, шаьш лачкъийна даьккхинчух дозаллаш а ма де. Хьал алсамдуьйлуш делахь а, шайн дегнаш цунна дІа а ма ло. Шен бахамах тешна верг вужур ву, амма диканиг, керла хьаладаьлла гІа санна, хьалавер ву. Массо а тайпана вочу хІуманан орам – ахчанна сутара хилар ду. Ахчанна тІаьхьа а бевлла, дукхахберш динах дІабирзира. Цундела шаьш-шайга баккхий баланаш хьоьгуьйту цара. Кху заманчохь хьалдолчарна кура ца хилар тІедилла. Тешаме доцучу церан хьоле сатуьйсучул, Деле сатийса дезарх кхетабе уьш. ХІунда аьлча Дала дерриге а шортта ло вайна, вай, хаза а хеташ, дахийтархьама.
Выбор основного перевода