Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Везачу Элана дан хала хІумма а дуй? ХІан-хІа! Айса ма-аллара, Со бІаьста юхавогІур ву, цу хенахь Саратан кІант хир ву». «Суна хууш ду, Веза Эла, Хьайна луъург Хьан дан йиш юйла а, Ахьа дан леринарг цхьаьнгге а сацалур доцийла а. «Сан Хьалдолу Эла, Ахьа Хьайн боккхачу ницкъаца а, тІекховдийначу куьйгаца стигалш а, латта а кхоьллина, Хьоьга далур доцуш цхьа а хІума а дац. ТІаккха, со дІа а кхайкхина, цо элира: «Хьажал, къилбаседерчу лаьтта тІе араевллачу говраша цигахь хилла йолу Сан дералла дІаяьккхина». кхин а Цо элира: «Сан Дада! Дерриг а Хьан карахь ду, и къаьхьа кад Суна юххехула чекхбаккхахьа! Делахь а, Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла дерриг а».
Выбор основного перевода