Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
«Ма мотталаш, Со товрат тІера хьехамаш я пайхамарша яздинарш дІадаха веана. Со и хьехамаш дІабаха веана вац, ткъа уьш кхочушбан веана ву. Аса чІагІо йо шуна: стигаллий, латтий дозуш а долуш, товрат-хьехамашна юккъера цхьа элп я цхьа сиз а дІадоккхур дац, цу тІехь аьлларг кхочушхиллалц. Товрат-хьехам тІера кІеззиг долу хІума а талха а дина, нахе а изза де бохуш верг Стигалийн Олаллехь лаххара мах болуш хир ву. Ткъа шена тІедиллина долу парз кхочуш а деш, иза нахе дІа а кховдош хилча, иза лакхара лорур ву. Аса боху шуьга: нагахь санна шун Делан лаамехь хилар парушхойн а, Іелам нехан а чул лакхара ца хилахь, Стигалийн Олалла тІелаца а, Далла уллохь хила а шун йиш хир яц». «Товрат тІехь хІун ду яздина? – дуьхьал хаьттира Іийсас а. – Хьо муха кхета цунах?»
Выбор основного перевода