Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шу Далла тІедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта. „Тхан да ИбрахІим ву“, – алий, тоам ма бе. Ас боху шуьга, Делан таро ю оцу Іохкучу тІулгех а ИбрахІимна тІаьхье ян. БерхІитта шарахь иблисо йихкина латтийна ИбрахІиман тІаьхьенах йолу хІара зуда Далла леринчу дийнахь шен буржалех паргІатъяла мегаш яц?» – аьлла. «Везачу Элах Іийсах теша хьо, – аьлла, жоп делира цара, – тІаккха хьо а, хьан цІеранаш а кІелхьарбевр бу». Ткъа и лур ду аьлларг тешарна ло, Дала вайна маьхза ло диканиг иза долу дела. ИбрахІиман массо а тІаьхьенна, чІагІо а еш, ло иза. Товрат-хьехамаш кхочушбеш болчу тешачарна бен а доцуш, амма ИбрахІиман тешарца кхечу къаьмнех болчу тешачарна а ло иза. ИбрахІим вайн массо а тешаш болчеран да ма ву, Иштта хаалаш, билггала ИбрахІиман тІаьхьенах берш Делах тешарш бу.
Выбор основного перевода