Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Паччахь чІогІа оьгІазвахана. Цо, шен эскархой а бахийтина, шен ялхой байинарш байийтина, церан гІала а ягийна. ХІунда аьлча Цо паччахьалла дан дезар ду, Дала леррина Къобалвинчун массо а мостагІий Дала Цуьнан когашка охьабахккалц. Шен когашка Шен мостагІий Дала охьабахккалц, хьоьжуш. Суна гира дІаеллаелла стигал. Цигахь лаьтташ кІайн дин бара. Цу тІе хиъна Волчух тешаме Верг а, билггал волу бакъ Верг а олу. Цо кхел яр а, тІом бар а нийсонца леладо. Ткъа бисина болу кхиберш дин тІе хиъна Волчун багара схьадолучу туьраца байира. Дерриге а олхазарша шаьш дуззалц церан дилха диира.
Выбор основного перевода