Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу хенахь Іийсас гулбеллачаьрга элира: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу Со лаца. ХІора дийнахь Делан цІийнан кертахь Іаш ма вара шуна Со, хьехамаш беш, амма цу хенахь аша Со схьа ца лецира. Іелам нахана а, динан коьртачу дайшна а дІахезира иза. Цара ойла йора, Іийса хІаллак муха вийр вара те бохуш. Уьш Цунах кхоьрура, хІунда аьлча массо а халкъ цецдуьйлура Цуьнан хьехамех. Дийнахь Іийсас Делан цІа долчу кертахь хьехамаш бора, ткъа сарахь Зайт-диттийн лам тІе а воьдий, цигахь буьйса йоккхура. ХІора дийнахь шайца Со Делан цІийнан кертахь волуш, Суна тІе куьг ма ца ойура аш. Амма хІинца ерг шун хан ю, иблисан бодане ницкъ баьржина хан». Муса-пайхамаро ца белла шуна товрат-хьехам? Ткъа шух цхьа а цу хьехамо ма-бохху ца лела. ХІунда лоьху аш Со вен дагахь?» Іийсас жоп делира цуьнга: «Аса, хьул ца деш, дерриг дІадийцира дуьнене. Гуттара а гуламан цІеношкахь я Делан цІа чохь, вайн массо нах гуллучохь, хьехамаш бора Аса. Аса къайлаха хІумма а ца дуьйцура. Иза схьалаца дагадеара царна, амма Іийса пайхамар лоруш болчу нахах уьш и дан ца хІуьттура. И дийцар шайна дуьхьал далийна дуй кхетта, Іийса лаца аьтто лоьхура динан дайша а, Іелам наха а. Амма шаьш нахах кхоьру дела, Иза Іад а витина, дІабахара уьш. И дийцар шайна дуьхьал далийна дуй кхетта, цу сохьта Іийса лаца аьтто лоьхура динан дайша а, Іеламчу наха а. Амма уьш нахах кхоьрура. Динан коьрта дай а, Іелам нах а аьтто лоьхуш бара Іийса хІаллакван, амма уьш халкъах кхоьрура. Іийсас иза аларна, Иза вен кхин а чІогІа тІаьхьабевлира динан куьйгалхой. ХІунда аьлча Далла лерина шоьтан де ца лерина а ца Іаш, Делах Шен Да ву а аьлла, Ша Делаца вуьстинера Іийсас. Іийса схьалацархьама лийхира наха, амма цхьанна а стага Цунна тІе куьг ца кховдийра, хІунда аьлча Цуьнан хан хІинца а тІе ца кхаьчнера.
Выбор основного перевода