Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЭхІ-хІай, Соьга ларамах дуьзна а хилла, дерриге а Сан весеташ кхочушдан даим церан дегнаш делахьара, шайна а, шайн берашна а гуттаренна диканиг хилийтархьама! ЭхІ-хІай-кх! Хьекъал долуш белахьара уьш, тІаккха уьш дикка кхетар бара, шайна хиндерг къастор дара цара! ХІунда аьлча Иза вайн Дела ву, Цо Іалашдеш долу халкъ ду вай, Цуьнан куьйга кІел долу жа ду. Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь, Цо элира: «Ваха а гІой, ала оцу халкъе: „Хезар ду шуна, амма кхетар дац шу. Хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша“. Ас деш долу омранаш ахь тидаме оьцуш делахьара! ТІаккха хьан синтем дІадоьду хи санна хир бара, хьан нийсо хІордан тулгІенаш санна хир яра. Царна тІехь Ешаъ-ЯхІу-пайхамарехула Делера болу хаам кхочушхуьлу: „Аша ладугІур ду, амма шу цунах кхетар дац, хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша. „царна, хьоьжжушехь, хІумма а ца гайтархьама, хеззашехь, уьш ца кхетийтархьама, кхечу тайпана хилча, уьш Суна тІебоьрзур бара, ткъа Ас гечдийр дара царна“». Цуьнан халкъана церан кІелхьардовлар къиношна гечдарца дуйла хоуьйтуш. Іожаллин боданехь Іаш берш серлабахархьама а, машаран новкъа вайн когаш бахархьама а». Іийсас элира: «Шун таро ю Делан Олаллех йолу къайленаш йовза, ткъа кхечаьрга Ас ишттачу дустаршца дуьйцу, уьш „хьоьжуш боллушехь, царна хІумма а ца гархьама, ладугІуш боллушехь, дуьйцучух ца кхетийтархьама“. Иза дара ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро аьлла хІара дешнаш кхочушхилийтархьама: «Веза Эла, мила тийшира тхоьгара хезначух? Хьанна хааделира Везачу Элан нуьцкъала куьг?» Шуна хаьа хир ду Дала Исраилан халкъана бахьийтинчу кхоах лаьцна. Массеран а Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Делаца бинчу бартах лаьцна бу и хаза кхаъ. „Цу халкъана тІе а гІой, ала цаьрга: Шайн лергашца ладугІур ду аш, амма кхетар дац шу, шайн бІаьргашца хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша. Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Дала церан дегнаш артдина, таханлерчу дийне схьакхаччалц хІумма а ца го бІаьргаш а, хІумма а ца хеза лергаш а церан хилийтархьама». Бода богІийла церан бІаьргашна хІумма а ца гархьама, баккъаш а хуьлийла церан ситтина гуттаренна а». Амма хІора дийнахь, вовшашна хьехамаш а беш, динехь чІагІлолаш, «тахана» ала йиш мел хуьлу, хьарамчу хІуманах Іеха а велла, шух цхьаннан дог юха ца далийта.
Выбор основного перевода