Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь цхьаммо сту я уьстагІ, лачкъа а бина, бехь я бохкахь, цо старана дуьхьал пхи сту а, уьстагІна дуьхьал биъ уьстагІ а бала беза. я шех лаьцна харцдуй биъна хІума юхадала деза. ДогІург дерриг дІа а делла, цу тІе пхоьалгІа дакъа тоха деза цо. ГІуда такхаран сагІа доккхучу дийнахь цу хІуманан дега дІадала деза цо иза. «Иштта дІаала исраилхошка: „Нагахь санна цхьана стага я зудчо, Везачу Элана хьалха тешаме а ца хуьлуш, адамаша латош долу къа латадахь, и стаг бехке хуьлу Со хІинца шуна хьалха ву. Везачу Элана а, Цо къобалвинчунна а хьалха тоьшалла дан мегар ду шуна соьгара даьллачу гІалаташна. Шуьгара цхьаьнггара а сту я вир схьаяьккхиний аса? Шуна цхьанна а халахетар диний, гІело йиний? Я кхаьънаш оьцуш, шуьгара даьллачунна тІехь сайн ши бІаьрг дІакъевлина аса? Схьаала соьга, иза аса шуна юхадерзор ду». Цу уьстагІна дуьхьал цо доьазза дукха мах бала ма беза, хІунда аьлча цуьнан даг чохь къинхетам ца хилла, и хІума ша деш». Декъала ву гІийлачун гІайгІа беш верг! Холчу хІоьттича, Везачу Эло паргІатвоккхур ву иза. Аса зуламечу стаге дІахьедан тарло: „Хьо лийр ву“, – аьлла. ТІаккха иза, шен къиношна тІера дІа а вирзина, бакъдерг а, нийсо а лело волавала тарло. ТІемалоша хаьттира цуьнга: «Оха хІун дан деза?» Яхьъяс жоп делира: «Нуьцкъах нахера хІуманаш схьа ма яха, бехке воцург бехке ма ве, шайн алапах тоам бе». И зуда гина, цунах чІогІа къахийтира Везачу Элана. Цо элира цуьнга: «Ма елха!» – аьлла.
Выбор основного перевода