Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ирсе ву хьан бераш, схьа а эцна, тІулгех детташ, хІаллакдинарг! Лаха Веза Эла Иза каро мегачу хенахь. Кхайкха Цуьнга, Иза уллохь волчу хенахь. «Муршатахо волу Мика-ЯхІу пайхамар хилла яхІудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхІус олалла дечу хенахь. Цо дерриг а ЯхІудан халкъе аьллера: „Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: ‘Цийон-лам, кха санна, охур бу, Ярушалаймах тІулгийн оьла хир ю, Делан цІа тІехь лаьттинчу лам тІе хьун ер ю’. Цундела шу бахьана долуш Цийон-лам, аре санна, охур бу, ткъа Ярушалаймах тІулгийн оьла хир ю, Делан цІа тІехь лаьттинчу лам тІе хьун ер ю. «Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тІебахкийтиначарна тІулгаш детта ахь. Мел чІогІа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кІорнеш тІома кІел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза. Цо цаьрга элира: «ХІара шадерг а гой шуна? Аса баккъалла а боху шуьга: И дерриге а хІаллакдийр ду, тІулга тІехь тІулг а ца буьтуш». Іийсас дуьхьал жоп делира: «Гой хьуна и яккхий гІишлош? И дерриге а хІаллакдийр ду, тІулга тІехь тІулг а ца буьтуш». «Декъала хуьлда Эла, Исраилан халкъан Дела, ван а веана, Шен халкъ безачу мехах паргІатдаьккхина. «Цхьа хан йогІур ю, хІара шуна гуш дерг дерриг а дохош, тІулга тІехь тІулг а ца буьтуш». ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «ХІинца а кІеззигчу ханна серло ю шуьца. Серло йолччуьра, лела шу, шаьш бодане дІа ца хьулдайта. Ткъа боданехь лелачунна ша стенга воьду а ца хаьа. Кхечу къаьмнийн нахана юкъахь шайн лелар оьзда хилийталаш, тІаккха, шу вон нах ду бохуш, дуьйцуш болчара, шун дика гІуллакхаш а гина, Дела хастор ву Иза веанчу дийнахь.
Выбор основного перевода