Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун массо а гІалина тІе а летта, дерриг а шун лаьтта тІера шун бІобулуш хилла лекха а, онда а пенаш дохор ду цу халкъо. Шун Везачу Дала шуна лучу лаьтта тІехь ерриг а шун гІаланашна тІелетар бу уьш. Хьуна гонах меттаметтанаш дІахІиттор ду Аса, тІеман бІаьвнашца хьуна го а лаьцна, схьалацаран гІирсаш хьуна дуьхьал ирахІиттор бу. ХІара боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Дитташ схьа а хададай, Ярушалаймана гонах гІалин пенна тІеволийла кечъе. И гІала таІзар дан хьакъ долуш ю, иза гІело ярх юьзна йолу дела. ТІаккха гІалина го лаца: иза схьаяккхархьама тІеман гІирс а дІахІоттабе, лаьттан гунаш а де, меттаметтанаш а де, царна гонах кевнаш дохош долу бІогІамаш а хІиттаде. Цуьнан аьтту куьйга, Ярушалайме гІо аьлла, кхаж бер бу. Иза, оцу кхоже хьаьжжина, цигахь оганаш херцош долу бІогІамаш дІахІитто а, адам хІаллакде, аьлла омра дан а, тІеман орца даккха а, гІалин кевнаш дохо гІирс дІахІотто а, гІалин гонах лаьттан гунаш дан а, гІала схьаяккхархьама кхиболу тІеман гІирс дІахІотто а безаш ву. «Ярушалайм эскарша го бина гича, хаалаш, и йохо хан гергакхаьчна хилар.
Выбор основного перевода