Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Ас байна уьстагІ схьалохур бу, тилабелларг юхаберзор бу, лазийначун чов дІайоьхкур ю, цомгушчунна дарба дийр ду, амма берстина а, нуьцкъала а уьстагІ буьйр бу. Ас нийсонца дажор ду Сайн жа». «Варелаш, цхьанна а цу лахара болчарна вас ма елаш. Аса тоьшалла до шуна, церан маликашна стигалахь волчу Сан Ден юьхь го аьлла. Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга метта а дуьйлий, Далла тІедерза ала веана». «Мила ву шух, шайн бІе уьстагІ юкъара цхьаъ байча, важа безткъе ткъайоьсна эрна арахь а битина, байнарг лохур боцуш, иза карабаллалц? ДоттагІий а, лулахой а схьа а кхайкхина, уьстагІ болчо эр ду: „Даккхийде вай цхьаьна, суна сайн байна уьстагІ карийна!“ Ткъа иза карийча, доттагІий а, лулахой а схьа а кхайкхина, цо эр ду: „Даккхийдейша соьца: суна дайна ахча схьакарийна!“ Дуьненна кхел ян ца ваийтинера Дала Шен КІант, ткъа Цуьнгахула дуьне кІелхьардалийтархьама ваийтинера. «Дала леррина къобалвина Іийса кху дуьнен чу веана къинош летийнарш кІелхьарбахархьама». И дош бакъ а ду, цунах цхьа а тайпана шеко йоцуш теша а деза вай. Къинош летийначарна юкъахь со массарал а хьалхара ву.
Выбор основного перевода