Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Детин барам тІулгаш долччул дукха хилла дІахІоттийра цо Ярушалайм-гІалахь. Лаьмнийн кІажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисдина дІахІоттийра Сулим-паччахьо. Малхбузехь долчу лаьмнийн когашкахь долчу зайт-дитташна а, комарийн дитташна а тІехь урхалла дора гадирахо волчу БаІал-Хьанана. ТІаьхьалонна дІадиллина зайт-даьттан сурсатна тІехь урхалла дора ЮІаша. «Кибарчигаш охьаэгна, ткъа оха хьаькхна тІулг хьалабуттур бу. Инжиран дитташ охьадетта, ткъа оха тоьлла долу кхин дитташ дугІур ду».
Выбор основного перевода