Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цигара дІа а ваьлла, Іийса Бет-ХІине вахара. Буьйса цигахь яьккхира Цо. Уьш кхин дІа а Ярушалайме дІабахара. Іийса хьалхаваьлла вогІура, ткъа цецбевлла мурдаш а, нах а кхерамца Цунна тІаьхьа хІиттина боьлхура. Іийсас юха а, Шен шийтта мурд юьстах а ваьккхина, Шех хиндерг дийцира царна: Шен шийтта векал юьстах а кхайкхина, Іийсас элира цаьрга: «Вай хІинца Ярушалайм лаьттачу хьаладовлуш ду, цигахь дерриг кхочуш хир ду Адамийн КІантах пайхамарша дІаяздинарг. Дийнахь Іийсас Делан цІа долчу кертахь хьехамаш бора, ткъа сарахь Зайт-диттийн лам тІе а воьдий, цигахь буьйса йоккхура.
Выбор основного перевода