Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нахана хьалха Со къобалвеш верг Аса Сайн стигаларчу Дена хьалха къобалвийр ву. Амма хІокху Делах тешар а доцуш, къинойх дуьзначу дуьнен чохь, нагахь санна Сох а, Сан дешнех а эхь хетахь, Со а, Адамийн КІант, дІавоьрзур ву цу стагах, Сайн Ден олаллин нуьраца Делан маликашца схьавеача». Нагахь санна Сох а, Сан дешнех а эхь хетахь, Адамийн КІант дІавоьрзур ву цу стагах, Шен а, Шен Ден а, Делан маликийн а Олаллин нуьрехь Ша веача. Нагахь санна вай баланаш ловш делахь, Цуьнца цхьаьна паччахьалла деш а хир ду вай. Нагахь санна вай Цунах дІакъастахь, тІаккха Иза а вайх дІакъаьстар ву. Делан КІант къобал ца вечу хІораммо а стигалара Да а къобал ца во. Ткъа Делан КІант къобалвечо стигалара Да а къобалво.
Выбор основного перевода