Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ма кхера, гІийла а, кІезиг а долу Исраилан халкъ, Ас гІо дийр ду хьуна, – боху Везачу Эло, хьо мах баларца ПаргІатдоккхучо, Исраилан Везачу Дала. – Ас олалла ло шуна, Сан Дас иза Суна ма-даллара. Уьш яа хІума йиина бевлча, ШамІа-Кипе Іийсас элира: «Яхьъян кІант ШамІа! Царначул сов кІорггера везий те хьуна Со?» Кипас элира: «ХІаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий». ТІаккха Іийсас элира Кипе: «Сан Іахарий дажаде ахьа». Цо вайх динан дайн пачхьалкх йина, Шен Да волчу Далла хьалха вайга гІуллакх дайтархьама. Сийлалла а, нуьцкъалалла а хуьлийла Цуьнан ерриг а тІейогІучу заманна. Амин.
Выбор основного перевода