Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьш дІалаьцначул тІаьхьа, хІун эр ду техьа оха бохуш, гІайгІане а ма хила, хІунда аьлча шуна дІаделлалур ду, хІун ала деза. ТІаккха, шаьш царна хьалха кхеле хІиттинчу хенахь, хьалхе дуьйна гІайгІа ма белаш, шаьш ала дезачун, ткъа цу сохьта шайна дага тасийтинарг дІаала. ХІунда аьлча цу хенахь аш шаьш а ца олуш, амма Делан Сино шуьгахула эр ду ала дезарг». Амма и хІуманаш хилале, шу дІа а лоьцур ду, лаьхкина а лелор ду. Со бахьана долуш, гуламан цІеношкахь кхел а йина, набахте чу а духкуш, паччахьийн а, куьйгалхойн а кара дІа а луш, лелор ду шу.
Выбор основного перевода