Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен совбаьллачу бахамна юкъахь цунна готта хир ду, цуьнан синан бала массо а ницкъаца цунна тІе охьабужур бу. Стенах сатийса деза Іесачо, Дала ша дІатеттича, Цо шен са дІаэцча? qac Гqac*Іам-гІим а ца деш, тийна а волуш, Везачу Эле ладоьгІуш хилалахь. Дахаран новкъахь кхиамаш бохуш волчу мекарчу стагах ма хьегалахь. ХІоранна а го хьекъалалла дерш леш хилар. Иштта леш хуьлу кхетам боцурш а, сонтанаш а. Цара массара а шайн бахам шайн тІаьхьенна буьту. Эхартан олаллех паргІатдоккхур ду сан са, Дала билггал кІелхьарвоккхур ву со. Дала, хІаллаквина, дІавоккхур ву хьо, цІа чуьра аракхуссур ву, дийначийн лаьтта тІера хьан орам а дІабоккхур бу. «Делах шен чІагІо а ца еш, шен доккхачу хьолах а тешна, зуламаш тІехь чІагІвелла вара и стаг». Моша кхечу олхазарша дина долчу хІоаш тІе тевна даккха охьахоу. Иштта ву хьарам хьал гулдина волу стаг. Шен дахар юккъе даьлча, иза и хьал дита дезаш а хир ву, шен дахар чекхдолучу хенахь юьхьІаьржачу а хІуттур ву. Шуна ца хаьа, кхана хІун хир ду. ХІун ду шун дахар? КІеззигчу ханна деана а, юха дІадолу а дохк ду иза. ХІора адамна, цкъа вала а велла, юха кхелана хьалха хІоттар тІехь ма-хиллара,
Выбор основного перевода