Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Іийсас элира: «Шаьш хІун доьху а ца хаьа шуна. Аса молу къаьхьа кад малалур буй те шуьга?» «Бу», – элира цара. Цо элира цаьрга: «Сан са Іожаллин гІайгІанехь ду. Аша кхузахь а совций, Соьца цхьаьна сема хан яккха». Амма Іийсас элира цаьрга: «Шаьш хІун доьху а ца хаьа шуна. Ас молу къаьхьа кад малалур буй те шуьга? Со чекхволучу баланийн хІордах довлалур дуй те шу?» «Ткъа хІинца Сан са карзахдаьлла. ХІун ала те Ас? „Дада, кІелхьарваккхахьа Со кху сахьтах“? Амма кху сахьтана веана ма ву Со.
Выбор основного перевода