Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Тхуна тІехь хьаькам а, кхелахо а хьо хьан хІоттийна? Айхьа вийна мисархо санна, со вен-м ца гІерта хьо?» – элира цу стага. ТІаккха Муса кхеравелира. «ХІинца ас динарг массарна а хиъна», – аьлла, дагадеара цунна. Ва адам! ДІахаийтина-кх хьоьга диканиг хІун ду а, Везачу Эло хьоьга хоттун дерг хІун ду а. Иза ду – нийсонца лелар, тешаме хилар дезар, шен кІезигалла а хууш, хьайн Делаца лелар. Амма ницкъ беш волчо элира: „Тхуна тІехь хьаькам а, кхелахо а хьан хІоттийна хьо? Амма кхечунна бехк буьллуш волчу хьан бехказаволийла дац, хІунда аьлча кхечунна еш йолу кхел ахь хьайна йо, кхиверг бехке веш волчу ахьа а изза леладо дела. Иштта гІуллакхаш дечарна кхел а еш, ткъа айхьа изза а лелош, Делан кхелах хьо кІелхьарвер ву-м ца моьтту хьуна, ва стаг?
Выбор основного перевода