Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Дуьненан хьал ма гулде. Иза, нецано а талхош, мекхано хІаллак а деш, лаьттар ду, я къуша, чу а бевлла, лачкъийна дІахьур ду. Іийсас жоп делира: «Кхачамалла йолуш хьо хила лууш велахь, ваха а гІой, хьайн мел долу хІума дІа а дохкий, къечарна дІасадекъа, тІаккха стигалахь жовхІар хир ду хьан. ТІаккха, схьа а волий, Суна тІаьхьахІотта». И хезча, Іийсас элира: «Кхин цхьа хІума дан деза ахь: хьайн долахь дерг дерриг дІа а дохкий, къечарна дІасадекъа, тІаккха стигалахь жовхІар хир ду хьан. Цул тІаьхьа, схьа а волий, Суна тІаьхьахІотта». Шайн керташ а, долахь дерг а дІа а духкуш, шайна юкъахь дІасадоькъура цара, хьанна хІун оьшу хьаьжжина. Латта а, цІенош а долчу наха, уьш дІа а духкий, схьадеана ахча векалийн когашка охьадилларна, цхьа а къен стаг вацара царна юкъахь. И ахча цунна оьшучуьнга хьаьжжина лора. Чубоьхкинчу нахах къахеташ а хилла шу, шайн долахь дерг дІадаьккхича, хазахеташ а лелла шу, хІунда аьлча шуна хаьара стигалахь дикаха а, цкъа а дІаер йоцу а хазна шайн юйла.
Выбор основного перевода