Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И кхача буучу хенахь шу тІе хІума юьйхина хила деза, юкъ а йихкина, когахь мачаш а йолуш. ХІума сихонца яа еза аш. Некъан Іаса карахь хила еза шун. Иза Везачу Элан Пасахь ду. Везачу Элан ницкъ боьссира Эли-ЯхІуна тІе. Шен гІодаюкъ а йихкина, Ахьаб-паччахьна хьалха а ваьлла, ИзраІал-гІала дІакхаччалц новкъахула ведда вахара Эли-ЯхІу. ЭлишаІа ГІайхьазига иштта элира: «Хьайн гІодаюкъ а ехкий, сан Іаса схьа а эций, дІаволало. Новкъахь саца а ма саца, цхьаьнгге вист а ма хила. Нагахь хьайна дуьхьал цхьаъ кхетахь, цуьнга маршалла а ма хатта. Хьо дІакхаьчча, хІара Іаса оцу кІентан юьхь тІе йилла». ЭлишаІ-пайхамаро, къоначу пайхамарех цхьаъ шена тІе а кхайкхина, цуьнга элира: «Хьайн гІодаюкъ а ехкий, хІара зайтдаьтта чохь долу кхаба схьа а эций, ГалІад-махкарчу Рамат-гІала дІагІо. ДІаехка хьайн гІодаюкъ, къонахчо ма-еххкара: Со хьоьга хаттарш дан воллу, ткъа ахьа Суна жоп ло. Массо а курачаьрга дІа а хьажий, уьш юьхьІаьржачу хІиттабе, шаьш мел лаьттачу меттигашкахь Іеса нах дІа а хьаша. qac Иqac*штта, цо дукха къа а хьоьгу, цуьнан ницкъ а кхочу муьлхха а болх бан. Ткъа ахьа, Ярми-ЯхІу, хьайн гІодаюкъ а ехкий, хьала а гІаттий, Аса хьайга мел аьлларг цаьрга дІадийца. Оцу нахах ма кхера, Соьга хьо царна хьалха ца кхеравайтархьама. «Цу хенахь Стигалийн Олалла иштта хир ду. Цхьана дийнахь Итт зудабер, цхьацца стогар схьа а эцна, зуда ялош волчу кІантана дуьхьалъяхана. Варелаш, сема хилалаш, хІунда аьлча и хан тІе маца кхочу ца хаьа шуна. Ас доІа до, Шен сийлаллин хьоле а хьаьжна, Дала Шен Синца шун чохь болу синкхетам чІагІбар доьхуш. Цундела иштта дІахІитталаш: шайн гІодаюкъ билггал бакъдолчуьнца дІа а ехкий, нийсонан гІагІ шайна тІе а духий, Сема а, дечу гІуллакхна гуттар а кийча а хуьлда шун кхетам. Дала леррина къобалвина Іийса вогІучу дийнахь Делан шуьга болу безам бахьана долуш шайна лун долчуьнца боьзна хилийта шайн берриг а сатийсамаш.
Выбор основного перевода