Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Цу халкъо къайлаха барт бар мел ду бохучух къайлаха барт бар ду ма баха, иза кхоьручу хІуманах ма кхера, ткъа Іадийна ма хила. ЛадогІа Соьга, бакъдерг девзаш дерш, Сан товрат-хьехам шайн дегнашкахь болу халкъ. Наха шайна кхиссарш ярх ма кхера, уьш шайх кхардарх а ма къахка. Кхера ма кхера царах: Со массо а хенахь хьоьца хир ву, хьо кІелхьарваккхархьама». Иштта боху Везачу Эло. Ма кхера шайн дегІ ден йиш хиларх, шун са церан карахь дац. Ткъа кхералаш шайн дегІ а, са а жоьжахатехь хІаллакдан йиш Йолчунах. Шу Сан доттагІий ду, нагахь аша Ас тІедиллина гІуллакх кхочушдахь.
Выбор основного перевода