Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхин цхьа хІума а дагахь латтаде: хІусамдена къу буьйсанна маца вогІур ву хаьахьара, цо сема хиларца иза ларвийр вара, цуьнга шена къола ца дайта. Шуна шайна а билггала хаьа, буьйсанна цІеххьана вогІу къу санна, иштта дагахь доццучу хенахь тІекхочур ду Везачу Элан де. Нахана ца хууш вогІу къу санна, догІур ду Везачу Элан де, тІаккха гІовгІанца стигалш къайлаевр ю, стигалахь мел хуьлуш дерг, серла а даьлла, догур ду, латта а, дерриг а цу тІехь дерг а, даьгна, дІадер ду. Шаьш тІеэцна болу а, шайна хезна болу а хьехамаш дагахь латтабе! Уьш лар а бе, шайн къиношна дохко а довлий, Далла тІе а дерза. Нагахь шу сама ца довлахь, къу санна, шуна ца моьттучу хенахь вогІур ву Со. «ЛадогІалаш! Со, къу санна, цІеххьана вогІур ву. Декъала бу, шаьш берзина ца хилийтархьама а, шайн бехке меттигаш гучу ца яхархьама а, тІеюху бедарш куьйга кІел а латтош, сема берш».
Выбор основного перевода