Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Декъаза ву хьарамлонца шена хІума гулдийриг, шена цІа дайтархьама а, шен бен лакхенгахь бархьама а, цу тайпана бохаман куьйгах ша кІелхьарваккхархьама!» Стигалахь гулде шайна хьал. Цигахь иза нецано талхор а дац, мекхано хІаллак а дийр дац, я къуша, чу а бевлла, дІа а хьур дац. Шайн бахамаш дІа а бухкуш, мискачарна сагІа ло. Лелийча тишлур доцу бохчанаш кечде шайна, лахлур йоцу хазна гулъе стигалахь: цигахь цунна тІе къу а кхочур вац, нецано иза юур а яц. Кху заманчохь хьалдолчарна кура ца хилар тІедилла. Тешаме доцучу церан хьоле сатуьйсучул, Деле сатийса дезарх кхетабе уьш. ХІунда аьлча Дала дерриге а шортта ло вайна, вай, хаза а хеташ, дахийтархьама. Уьш иштта лелахь, шайна стигалахь бахам гулбийр бу цара. Ткъа и бахам хинйолчу заманахь онда бух хир бу. И бахьана долуш уьш бакъдолчу дахаре кхача тарло.
Выбор основного перевода