Цо соьга боху: «Хьо Сан Ялхо хилла Іийр вац, Якъубан тайпанаш юхаметтахІитто а, Исраилан халкъах бухабиснарш цІа берзо а. Ас хьох кхечу къаьмнашна серло йийр ю, Сан кІелхьардаккхар дуьненан массо а маьІІе кхачийта».
«ГІаттахьа, серлаялахьа, Ярушалайм, хьан серло схьа ма еана, Везачу Элан сийлалла хьуна тІехула хьала ма яьлла!
ХІетте а аса яздийриг керла парз хета мега. Дала леррина Къобалвинчо а, аша а гойту иза бакъ хилар, хІунда аьлча бода дІаболу, ткъа билггал йолу серло хІинцале а къегаш ю.