Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Стигалара схьахезаш долчу озо элира: «Иза ву Сан хьоме КІант! Цуьнца бу Сан лаам!» Цо иза олучу юккъехь, лепаш йолу марха тІе а еана, уьш дІахьулбелира цуьнан ІиндагІехь. Мархи юккъера царна аз хезира: «ХІара ву Суна дукхавезаш волу Сан КІант! Цуьнгахула бу Сан лаам! ЛадогІалаш Цуьнга!» Іийса ларвеш хиллачу тІемалойн хьаькам а, цуьнца цхьаьна хилларш а, шайна латта дегош а, кхин а хилла долу хІуманаш гича, чІогІа кхерабелира. Цара бохура: «Иза бакъонца Делан КІант хилла!» Ткъа цу хенахь, марха тІе а еана, уьш дІахьулбелира цуьнан ІиндагІехь, мархашна юкъара аз хезира: «ХІара ву Суна дукхавезаш волу Сан КІант. Цуьнга ладогІа!» – аьлла. Іийсана дуьхьал лаьтташ волчу тІеман хьаькамо, Цо Шен са иштта дІалуш гича, элира: «И стаг бакъонца Делан КІант вара». Мархи юкъара аз хезира: «ХІара ву Ас хаьржина волу Сан КІант. Цуьнга ладогІалаш!» НатунаІила элира Іийсага: «Рабби! Хьо Делан КІант ву-кх. Хьо ву-кх Исраилан халкъан Паччахь». Ткъа хІорш яздина Іийса Дала леррина Къобалвинарг, Делан КІант хиларх шу тешийтархьама а, тІаккха, Цунах теша а тешна, Цуьнан цІарах шун бакъдолу дахар хилийтархьама а. Шаул жуьгтийн гуламан цІеношкахь хьехам бан волавелира, Іийса Делан КІант ву бохуш.
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Выбор основного перевода