Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цу шийтта мурдан цІераш яра: дуьххьарлераниг – ШамІа, Кипа аьлла цІе тиллина волу. Цуьнан ваша Іандар, Зевадин кІант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя, Аса боху хьоьга: хьо, тІулг санна волу, Кипа ву. Цу тІулга тІехь Аса Сайх тешначийн тоба кхуллур ю. Жоьжахатин цІеран а иза йохо ницкъ хир бац. Іийсас къастийна векалш хІорш бара: ШамІа (Іийсас тІаьхьа, Кипа аьлла, цІе тиллинарг), ШамІа, шех тІаьхьа Іийсас Кипа аьлла цІе тиллинарг, цуьнан ваша Іандар, Якъуб, Яхьъя, Пилап, Барталамай, Уьш яа хІума йиина бевлча, ШамІа-Кипе Іийсас элира: «Яхьъян кІант ШамІа! Царначул сов кІорггера везий те хьуна Со?» Кипас элира: «ХІаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий». ТІаккха Іийсас элира Кипе: «Сан Іахарий дажаде ахьа». ТІаккха юха шозлагІа а элира Іийсас Кипе: «Яхьъян кІант ШамІа, кІорггера везий те хьуна Со?» Кипас жоп делира: «ХІаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Іийсас элира цуьнга: «Сан уьстагІийн Іу хила хьо». КхозлагІа а элира Іийсас: «Яхьъян кІант ШамІа, везий те хьуна Со?» Кипина халахийтира, шега Іийсас кхозлагІа а хаьттича: «Везий те хьуна Со?» – аьлла. ТІаккха Кипас элира Цуьнга: «Веза Эла, Хьуна дерриг хаьа. Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Іийсас элира Кипе: «Сан уьстагІий дажаде ахьа. Цул тІаьхьа Иза, Кипина а, тІаккха шийтта векална а хьалха веана, дІахІоьттира.
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Выбор основного перевода