Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цхьана дийнахь, Галилай-Іам йистехула дІавоьдуш, Іийсана ши ваша гира: ШамІий, тІаьхьо Кипа аьлла цІе тиллина волу, Іандаррий. Уьш чІерийлецархой бара. Кхунна гиначу хенахь ши ваша хи чу чІерий лоьцу бой тосуш воллура. «Суна тІаьхьахІитта, – элира цаьрга Іийсас, – ткъа Аса хІинца дуьйна адамийн синош лецархой дийр ду шух». Уьш, сихонца шайн бойнаш а йитина, Іийсана тІаьхьахІиттира. Галилай-Іомана юххехула чекхволуш, ШамІа а, цуьнан ваша Іандар а гира Іийсана. Уьш чІерий лоцу бой хи чу тосуш бохкура, шаьш чІерийлецархой болу дела. Іийсас элира цаьрга: «Суна тІаьхьахІитта, ткъа Аса хІинца дуьйна адамийн синош лецархой дийр ду шух». Уьш, сихонца шайн бойнаш а йитина, Іийсана тІаьхьахІиттира. Дехьо ваьлча, Цунна Зевадин кІант Якъуб а, цуьнан ваша Яхьъя а гира. Уьш хинкеман чохь чІерий лоцу бойнаш тоеш бара. Іийсас цу сохьта уьш схьакхайкхира, ткъа вуьш, шайн да Зевади белхалошца хинкеман чохь а витина, Цунна тІаьхьа хІиттира. Іийсана берда тІехь ши жима хинкема гира. Царна чуьра охьабиссина чІерийлецархой шайн бойнаш цІанъеш бара. ТІаккха тІевахана цхьана хинан кеманан дега, ШамІе, Ша берда йистера кеман тІехь жимма дІавига элира Цо. Юха оцу кеманна чу а хиина, нахана хьехам бан волавелира Иза. Шен къамел чекхдаьлча, Цо ШамІе элира: «Хи кІорга долччига дІадахийта кема! Цигахь шайн бойнаш чутаса, чІерий лецархьама!» ШамІас жоп делира: «Лоруш волу Устаз! Буьйсанна сахиллалц болх бина оха сийсара, амма хІумма а ца лаьцна. Делахь а, Ахь аларна, бой чу-м тосур ю ас». Бойнаш чутесча, цара вуно дукха чІерий лийцира. И бойнаш эттІал чІогІа дукха чІерий дара царна чохь. ШамІагІара кхечу кеманна тІехь болу шайн накъостий, куьг а ластийна, схьакхайкхира. Уьш схьабаьхкича, шина а кеманна тІе чІерий хьаладехира цара. И чІерий дукха долуш, хинан кеманаш бухадаххал чІогІа дуьзина дара. ШамІа-Кипас, и ган а гина, Іийсан когашка а воьжна, дехар дира: «Эла! ДІагІохьа кхузара, къинош летийна стаг ву-кх со!» И лецна чІерий гина, ШамІа а, цуьнан накъостий а чІогІа цецбевлла бара. Иштта цецваьлла вара Зевадин ши кІант, Якъуб а, Яхьъя а – ШамІин накъостий. Іийсас элира ШамІе: «Кхера ца оьшу! ХІинца дуьйна адамийн синош лецархо хир ву хьо». Кеманаш берда тІе хьала а даьхна, шадерг цигахь а дитина, Іийсана тІаьхьахІиттина дІабахара уьш.
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Выбор основного перевода