Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Со цуьнан да хир ву, иза Сан кІант хир ву. Нагахь санна цо къа латадахь, Аса цунна таІзар дийр ду. Нехан шедаца а, адамаша еттарца а таІзар дийр ду Ас цунна. Везачу Эло билгалдаьккхинарг дІакхайкхор ду оцу паччахьо, Цо аьлларг иштта ду: «Хьо Сан кІант ву, тахана Хьан Да хили Сох. Везачу Эло таІзар шуна тІера дІадерзийна, шун мостагІа а эккхийна! Исраилхойн паччахь волу Веза Эла шуна юкъахь ву – шайна бохамаш барх шу кхин кхера ца деза. Цара адамашка хоьттура: «Мичахь ву хІинцца дуьнен чу ваьлла волу жуьгтийн къоман паччахь? Тхуна къеггина схьакхетта болу Цуьнан седа гира. Цундела, Цунна хьалха гора а хІуттуш, корта тоха даьхкина тхо». Цу чохь мел волчо а, корта охьа а таІийна, Іийсага элира: «Хьо баккъалла а Делан КІант ву!» ШамІа-Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг, дийна волчу Делан КІант ву». Ткъа стигалара аз хезира: «Хьо ву Сан хьоме КІант! Хьоьца бу Сан лаам». ХІоразза а харц жинашна Іийса гича, Цунна хьалха охьаоьгура уьш, мохь а хьоькхуш: «Хьо Делан КІант ву!» – бохуш. Иза Дала леррина Къобалвинарг а, Исраилан Паччахь а велахь, охьавосса веза-кх хІинца жІара тІера, вайна иза ган а гина, Шех тешийтархьама». Цуьнца дІатоьхначу талорхоша а сийсазвохура Иза. Мартас жоп делира: «ХІаъ, Веза Эла! Со теша Хьо Дала леррина Къобалвинарг а, дуьнен чу ван везаш волу Делан КІант а вуйла». Уьш, хурманийн диттийн гаьннаш карахь а долуш, Іийсана дуьхьалбаьхкира. Цара аз айдина маьхьарий деттара: «ХІашанна! Декъала ву Везачу Элан цІарах вогІуш волу Исраилан Паччахь!» Іийса а ваийтина, вайна, церан берашна, Дала кхочушдина Ша аьлларг. ШолгІачу назми тІехь яздина ду: „Хьо Сан кІант ву, тахана Хьан Да хили Сох“.
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Выбор основного перевода