Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Пилап, Барталамай, ТІама, ял схьагулъеш волу Маттай, ХІалпайн кІант Якъуб, Тхьада, Юхахьаьжча, Іийсана гира Шена тІаьхьахІоьттина догІу дукха адам. ТІаккха Пилапе хаьттира Цо: «И адамаш дузо бепиг мичара оьцур дара вай?» – аьлла. «Царна хІоранна кІез-кІеззиг бепиг кхачийта а, ши бІе динари ахча а тоьур дац-кх», – аьлла, жоп делира Пилапа. Галилай-махкара Бет-Саида-гІалара волчу Пилапана тІебахара уьш. Цара, дехарш деш, элира Пилапе: «Олахо, тхуна Іийса ган лаьа». Цунах лаьцна Пилапа Іандаре дІаэлира. ТІаккха Іандара а, Пилапа а, вахана, Іийсага дІадийцира грекахошна луург. Пилапа элира Іийсага: «Веза Эла, гайтахьа тхуна Да, иза тоьар дара-кх тхуна тІаккха». Іийсас элира цуьнга дуьхьал: «Оццул дукха хенахь дуьйна ву Со шуьца, ткъа хІинца а ца вевза хьуна Со, Пилап? Со гиначунна Да а гина, ткъа ахьа и муха боху: „Гайтахьа тхуна Да“?
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Выбор основного перевода