Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Юьхьанца, Ша дерриг а кхуллучу хенахь, Везачу Эло со, хьекъалалла, уггар а хьалха кхоьллина. Ткъа хІинца, Дада, Ахьа сийлахьвехьа Со Хьайна хьалха, дуьне кхоллале дуьйна а, Хьо волчохь Сан хилла долчу сийлаллица. Иза юьхьанца дуьйна долуш дара. Тхуна иза хаза а хезнера, тхан бІаьргашна иза ган а гинера. Тхо цуьнга хьовса а хьаьвсинера, тхан куьйгаш цунах Іотта а деллера. Иза дахар луш долу Дош дара. И дахар гучудаьлча, тхуна иза гира. Цундела цу бакъдолчу дахарх тоьшалла а до, кхайкхам а бо оха. И дахар стигаларчу Дегахь дара, ткъа хІинца тхуна довзийтина иза. Иза долуш долчу дерригенал а хьалха вара, Цо массо а долуш дерг шен-шен меттехь лоттуьйту. Делан вастехь Ша велахь а, Цунна ца хетара, Ша Делах тера хиларх Ша пайда эца беза аьлла. ЦІийно тІадийна оба яра Цунна тІехь. Беречун цІе «Делан Дош» ю.
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Выбор основного перевода