Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Іийсас жоп делира: «Баккъалла а боху Ас хьоьга, нагахь санна адам хих а, Делан Синах а кхолла ца делча, тІелоцийла дац цуьнан Делан Олалла. Адамийн бераш адамех хуьлу, ткъа Делан бераш Делан Синах бен ца хуьлу. Шен лаамца, бакъдолчу кхоаца кхоьллина Цо вай, Ша кхоьллинчарна юкъахь вай лараме хилийта. Шун керлачу дахаран хьоста лийр долу хІу дац, амма гуттар а хин дерг ду. Иза дийна долу а, гуттар а хин долу а Делан Дош ду! Делах схьаваьлла волчо цхьаммо а къа ца латадо, Делан хІух схьа а ваьлла, шен амал Цуьнан амалх тера йолу дела. Ткъа ша Делах схьаваьлла хиларна, цуьнга къа ца латало. Вайна хаьа, ша Делах схьаваьлла волчу цхьаммо а къа ца латадойла. Ткъа Делах схьаваьлла Волчо иза ларво – иблисе зе ца дало цунна.
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Выбор основного перевода