Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Паччахьан дарж ЯхІудах дер дац, цуьнан тІаьхьенан карахь гуттар а хир ю олалла гойтуш йолу гІаж, иза Шилун-гІала дІакхаччалц а, халкъаш цунна муьтІахь хиллалц а. Ас церан вежаршна юкъара хьо санна волу Пайхамар лур ву царна. Бийца мотт лур бу Ас Цунна, тІаккха Ас Шена тІедиллинарг нахе дІаэр ду Цо. Хьалдолчу Эло Ша лур ю шуна билгало: „ЙоІа, берах а хилла, кІант вийр ву, цуьнан цІе Іимануал туьллур ю. ХІунда аьлча вайна бер дина – кІант велла вайна. Олалла хир ду Цуьнан белшаш тІехь. Цунна цІе туьллур ю: Тамашийна Хьехамча, Нуьцкъала Дела, Гуттар а волу Да, Машаран Эла. Иза Цунна хьалха, ховха маргІал санна, декъачу лаьттара хьалаболу орам санна, кхиъна ву. Цуьнгахь я куц а, я исбаьхьалла а яцара вайн тидам цунна тІебахийта. Цуьнга хьаьжча, цхьа а хІума дацара вай Цунна тІеозалуш долу. «ТІекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тІаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зІийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хІокху лаьтта тІехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. «ТІекхочур ду, – боху Везачу Эло, – Ас Исраилан халкъана а, ЯхІудан халкъана а дина дика ваІда кхочушден денош. Ас царна тІе цхьа Іу хІоттор ву, Сайн ялхо волу Дауд. Цо уьш дажор ду, иза церан Іу хир ву. Сан ялхо волу Дауд церан паччахь хир ву, царна массарна а тІехь цхьа Іу а хир ву. Уьш Сан тІедехкинаршца лелар бу, цара Сан парзаш, кхочуш а деш, лар а дийр ду. Кхузткъе уьттазза ворхІ-ворхІ хан-зама билгалъяьккхина хьан халкъана а, хьан езачу гІалина а зуламаш чекхдаха а, харцонийн чаккхенна тІе мухІар тоха а, къинош дІадаха а, даим нийсо латтийта а, хІуьтту суьрташ а, пайхамарша дийцинарш а чІагІдайта а, уггар Дезаниг къобалдайта а. «Хьо а, Эпратера йолу Байтлахам-гІала, ЯхІудан махкарчу гІаланашна юкъахь уггаре а кІезигниг елахь а, хьох вер ву Суна Исраилан къомана куьйгалхо хин волу цхьаъ. Цуьнан схьавалар ду дуьне доладелчхьана, азалера». Везачу Эло боху: «ЧІогІа хастамаш бе, Цийонан йоІ! хазахетарца цІогІа тоха, Ярушалайман йоІ! Хьажал, хьан паччахь ву хьо йолчу вогІуш! Нийса а, толам баьккхина а ву иза. Делахь а цуьнан эсала амал ю Иза вирана тІехиъна вогІу, боьршачу вирбокъана тІехиъна вогІу! Уьш Назарт-гІалахь бāха хевшира. Иштта кхочушхилира Дала пайхамарехула аьлларг: «Цунах назартхо эр ду». Юсуп а вахара Галилайн махкарчу Назарт-гІалара ЯхІуд-махка Дауд-паччахь винчу Байтлахам-гІала, хІунда аьлча иза Даудан цІийнах схьаваьлла вара. Муса-пайхамарна тІера дІаволавелла, массо а пайхамарша Шех лаьцна Делан Йозанаш тІехь аьлларг царна дийцира Іийсас. Цу хенахь ШамІа-Кипа а, ТІама а, шех Шалавинарг олуш волу, Галилай-махкара Кхана-юьртара НатунаІил а, Зевадин кІентий а, Іийсан мурдех волу кхин шиъ а – уьш цхьаьна бара.
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Выбор основного перевода