Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ДІаала берриг а исраилхошка: хІокху беттан уьтталгІачу дийнахь хІораммо а цхьацца Іахар я буьхьиг эца шен доьзална. Вай массо а тиладелла уьстагІий санна дара, хІора а шен-шен новкъа тІевирзина вара. Амма Везачу Эло дахкийтина Цунна тІе вайн массеран а къинош а, бехк а. Цунна гІело а йора, ницкъ а бора, амма Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. Урс хьакха дІабуьгуш болчу Іахаро санна, ша лоргучунна хьалха шен Іаь ца йолуьйтучу уьстагІо санна, Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. ТІехволучу Іийсага а хьаьжна, Яхьъяс элира: «ХІара бу Дала баийтина Іахар». Жайни тІехь цо доьшу дешнаш хІорш дара: «Урс хьакха буьгу уьстагІ санна, дІавуьгуш вара Иза, ша лоргучунна хьалха, Іахар санна, шена чуьра Іаь ца йолуьйтуш, тийна Іара Иза. Хаалаш, телхина дІадер долу дети я деши а делла эцна яц шун паргІато, шун дайх дисинчу гІийлачу дахарх шу мукъадохуш, амма цІеначу а, бехк боцучу а Іахаран санна долу, Дала леррина Къобалвинчун деза цІий делла ю.
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Выбор основного перевода