Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Шена дуьхьалваьлларг Везачу Эло дуьнен чуьра войу, стигалара схьа царна оьгІазло а еш. Делан кхел дуьненан массо а маьІІе кхочур ю. Ша хаьржинчу паччахье Цо олалла а лур ду, Ша къобалвинчуьнца болу ларам лакха а боккхур бу». Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу, лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара. Делахь, хаа а хаалахь, кхета а кхеталахь: Ярушалайм-гІала меттахІотторах лаьцна даьлла омрана тІера Дала къобалвинчу баьччанна тІе кхачале, ворхІазза ворхІ-ворхІ хан-зама а, кхузткъе шозза ворхІ-ворхІ хан-зама а ер ю. ТІаккха меттахІоттор ю и гІала шен урамашца а, чІагІонашца а, амма халачу хенашкахь хир ду иза. Зудчо элира Цуьнга: «Суна хаьа Машахь вогІур вуй». – (Иза «Дала леррина Къобалвинарг» бохург ду). – «Ша веача, Цо дерриге а хьоьхур ду тхуна».
От Иоанна
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Выбор основного перевода