Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Ахьаза шен геланчаш бахийтира Ашур-мехкан паччахьна ТигІлат-Палиасарна тІе. Цо элира: «Со хьан ялхо а, хьан долахь верг а ву. Схьа а волий, суна дуьхьалбевллачу арамхойн а, исраилхойн а паччахьийн карара кІелхьарваккхахьа со». Хьо акха виркхел санна ю, яьссачу аренгахь Іан Іемина йолу, шен хьайна хиларехь мерІуьргашца хІаваъ муьйлуш йолу. Хьаьнга юхаозалур ю иза, сел чІогІа лууш хилча? Иза оьшуш мел йолчу виро ша кІадъян ца еза – оре еанчу хенахь иза атта карор ю. Массо а кхахьпанаша божаршкара совгІаташ схьаоьцу, ткъа ахьа совгІаташ хьайн безаршна дора, уьш массо а маьІІера хьайца лела схьаэхийта. Эпраймана шен цамгар схьахиъначу хенахь а, ЯхІудана шена хилла чов дІагиначу хенахь а, Эпрайман халкъ Ашурехьа а дирзина, сийлахьчу паччахьна тІе дехаре дахийтира. Амма цуьнга шу цамгарх толур дац, шун чевнна дарба а далур дац. Эпрайман халкъ кхокханах тарделла, иза сонта а, кхетам боцуш а ма ду! Цуьнан халкъо Мисар-махке гІо доьху, Ашур-махка гІо деха а доьду иза.
Выбор основного перевода