Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Веза Эла цІергахь вогІур ву. Цуьнан гІудалкхаш, йилбазмох санна, хир ю. Цо Шен оьгІазалла дераллица тІеюттур ю, ткъа Шен къемат – цІеран алунашца. Наха кІа дІадийна, амма лаьтта тІера коканаш схьадаьхна. Цара къахьегна, амма цунах пайда ца эцна. Цара гулдинчу ялто шаьш юьхьІаьржачу хІиттабо, Веза Эла чІогІа оьгІазвахана хилар бахьана долуш». Хийрачу къаьмнех болчу наха цуьнан ницкъ дІаоьцу, ткъа цунна иза ца хаало. Къежделла Эпрайман халкъ, амма иза ца кхета. Шайн дегнаш чу нийсонан хІу таса, тІаккха безаман ялта кхуьур ду шуна. Керла латтанаш а дІааха, хІунда аьлча Веза Эла лаха веза хан тІееана. Ша веанчу дийнахь шуна тІе нийсо, догІа санна, Цо тІеІанор ю. Аша харцдолчун хІу а тосура, зуламан ялта а хьокхура, мекарлонан стом а боура. Шаьш дІакхоьхьучу некъах шу тешарна а, шайн шортта болчу тІемалойх шу тешарна а, Шен хьарам лаам кхочушбеш, къилахь долу хІу тосучо хІаллакьхиларан ялта хьокхур ду. Ткъа Делан Синан лаам кхочушбеш хІу тосучо, Делан Сино луш долчу, хедар доцучу дахаран ялта хьокхур ду.
Выбор основного перевода